Hamas
Текст песни Нохчи къам

Добавьте этот текст песни в ваш персональный список песен.

Текст песни Hamas - Нохчи къам

Вовше гом ду адам дуьне сихделлахь хьийза,
Дар дел ж1алеш сан вовше цергш хьекхош къиза.
Марзо д1а яьлла, харцон т1ехь даьл дов,
Г1ило сом дакх вах йиш яц т1епаз вов
* * *
Нохчи чоь яра хьо тхуна хьоме
Даггара вист хил йиш яц ше къоме,
Гул бел нах, вовшах кхетта адам,
Х1оран кертахь д1а хоьттин кадам
* * *
Т1е беана т1ом хил стаг велхош,
Хьал г1еттин къам шай-шай бал белхош.
Йохин г1ишлош, нех д1а даьлла си
Машар кхайкхош-тоьар ду бохш 1анин ц1и!
* * *
Ам, цхьане бал бац
Бал бац! - Къа хет стаг висна вац
Х1умма доцург даздеш, герзнал ч1ог1 хеташ
Цхьам шег аьлларг бакъ хеташ
* * *
Мал вел 1а ше дахар дешел ц1ен ду бохуш
Ше керт бохам кхеч х1усмехь дог догуш
Кийрар г1ийл аз бен ца далахь велар
Бери аматехь леггер шад къийлар
* * *
Бахам лахам тахан хал ду
Вал ца лаьъ цхьанне, ше са мерз ма ду
Сингаттам масанхьа ма бу, х1оран ма лаьъ вах
Цун ойл яхьар нах!
__________________________________________
Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!
__________________________________________

1аьржа бода хилла т1ом т1е беънера
Нохчи чоь сина ц1е латийна
Ягинера, ц1ел каьрчинера
Цхьа тамашена къам хийца делира
* * *
Цу хен дуьн верилахь лар лолахь
Йоьхь-1аржо когаш къеллахь ю хьун, тас ма лолахь
Хьаж юккъе кхет 1аьрж мохар
Д1а ца докх хино марз делла вай ц1и 1ано
* * *
Г1енахь доьхьул туьсу х1уманаш
Баккъал хуьлуш ду и гойт хено
Кхи дол къам марш дохил шу жоьжг1ат чу
Хьер даьл цхьа дол адам Нохчи чоь чу
* * *
Дал т1е тес бал т1е тес ж1алеш
Жими-воккху башхул яц ву лаьш
сов дойла кешнаш са ваш
Хьой цхьа жим кхетам чохь велахь диц ма делахь ахь х1ар дешнаш!!!
__________________________________________________
Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!
__________________________________________________

Керст къам, бусулб къам вовшех хьаьрчира
Дел цхьаъ веш болчу нахан юккъе 1ес 1едал даьржира
Къалах йинарг бен 1амал яцар цу хан чохь
Парг1ато яцар, дахар дацар, вацар
* * *
Цхьа стаг даг чохь кхерам, 1ожалан орам боцуш
Коьрта т1ира 1аьржа чо хиц балаз боцуш
Т1амо адам гал ма даьккхи, дукх дезар
Долчунах ма ваьккхи, шен йохург схьа ма яьккхи
* * *
Кхоум букх хьал кхуьъ ч1ор адам
дахитар гор, коьрт кхохь кхи х1ума дац
хьекъал дац, бехк боцчун са даккхахь адам
декъал хир ма дац, тешам хир ма бац
* * *
Кхи д1а т1е витахь эзар балехь валлуш вац
Цу т1ехь шеко яц, цхьаммо шайн динарг дуьтар дац
Г1илкхан ормаш д1а хедин, хьарам хьанал иэдин
Нана латтехь си ца дин
* * *
Х1ор шолх стаг мунафикъехь тар велла
Къин хетам аьхь бох дош вайн юккъар д1а даьлла
Гергарлонш хер дел, г1ел дел,
Мал дел, гам дел, 1арж дел д1а даьл
* * *
Ахчи хьаж, миск хьаж цхьане дег къаст ца ло
Гамо, ямартло цу т1ехь ницкъ бо нахан
Адмо ше бахам рицкъ цо ца кхоъ до ше са кхоъ до
Хьер даьл вай къам тахан!
________________________________________________
Нохчи къам цхьа жимма ойла ей вай?
Вай вовше гом ду ишт ма 1ай вай?
Вай вовше ца ларахь цхьаммо вай лорур дац!
Цхьа къам, цхьа пачхьалкх вайх ешар яц!
============================

Поиск текстов

Ваш личный список песен:

Для быстрого перехода к нужной песне вы можете добавлять в этот список любые тексты песен. Данный список автоматически сохраняется на вашем компьютере.